Гиппократ
From Wikipedia, the free encyclopedia
Гиппократ (шира.-грек : Ἱπποκράτης), вина в. з. к. 460 шаран Кос бохучу гӀайренан тӀаьхь, тӀаккха, велла в. з. к. 377 шаран Ларисса бохучу гӀалахь. Шийра Желтойчоь гӀараваьлла грекийн лор, цул совнах, филосов а хилла.
Гиппократ | |
---|---|
шир.-желт. Ἱπποκράτης | |
ГӀуллакхан тайпа | врач, философ |
Вина терахь | в. з. к. 460 шаран |
Вина меттиг | Косийн гIайра, Желтойчоь |
Кхелхина терахь | в. з. к. 377 шаран |
Кхелхина меттиг | Ларисса, Желтойчоь |
Корматалла | Iилманча, Лор, Философ |
Гиппократ Викилармехь |
«Mедицинaн да» ву аьлла цӀе йaхана, Ӏеламча наха вуйцуш ву из-а, таханлерчу дийнахь. Цуо кхоьллан гиппократийн ишкола бахьан долуш баккхий хийцамаш а, кхиораш хилла адамийн дарбанан говзаллаьхь. Цул совнах, Гиппократо адамийн дарбанан говзалла (медицина) ша кхаьстан Ӏилма ду аьлла билгал даьккхана кхечу Ӏилманаш йукъара схьа а къастийна.
Цуьнан дахараьхь а, цуьнах лаьцна кӀеззиг хаамаш бу вай заме а кхаьчна, ткъа таханлера медицийнан профессих йоьзна йoлу бакъонаш а, этика a, лоьран декъараш, лоьран лелар муха хила деза билгал йоккху «Гиппократан дуй» кхоллархо иза хилар массо историйн Ӏилманчаша бакъ до.