И́нгалсан бардал (кхин а бардал, инг. bulldog) — боца чо болу мастиф тайпана жӀаьлин порода. Лелоран хьесапца стандарт жӀаьла-ларвархо а, компаньон а[1] ду. ХӀокху заманан ингалсан бардалш даьхна XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь, породин бух — шираингалсан бардал, тӀетоллу жӀаьлин порода, хӀинца дӀайаьлла. Ингалсан бардал ша кепара ду, лору Ингалсан къоман жӀаьла, цуо гойту, дукха хьолехь «бакъволу джентльменан» тӀейазйо амал[2]: собаре хилар, консерваторалла, мелла а эсала хилар, цхьаьна агӀор, аристократалла, тамехь хилар кӀоршаме безамаллица, кхечу агӀор. Бардалш лелор доккха жоьпалла оьшуш ду, хӀунда аьлча порода кхиаран процессехь, летачух декоративан хилла, шен белхан дикалла йайина, чӀогӀа экаме хилла. И факт дукха хьолехь билгалйоккху породин йемалчаша, гӀерта оригиналан шираингалсан бардал йухакхолла, амма Дуьненайукъара кинологин федерацис къобал ца дина и зиераш.
Доца факташ Ингалсан бардал, Кхин цӀе ...
Ингалсан бардал |
---|
|
Кхин цӀе |
Бардал |
Меттиг |
Йоккха Британи |
Локхалла |
пхьаьрчий | 50-55 см |
заддаш | 50-53 см |
|
Масса |
|
Тоба |
2. Пинчерш, шнауцерш, молоссаш, ламанан а, швейцарин а жен-жӀаьлеш |
Секци |
2. Молоссаш |
Бухара секци |
2.1. Мастифаш |
Лоьмер |
149 |
Шо |
1955 |
Тоба КС |
Utility |
АКС тоба |
Non-sporting |
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа