Алжазаира
From Wikipedia, the free encyclopedia
Алжаза́ира (Ӏаьр. الجزائر эль-Джаза́ир), юьззина официалан кеп — Алжаза́ирин Ха́лкъан Демокра́тин Респу́блика (АХДР)[3] (Ӏаьр. الجمهورية الجزائرية الديمقراطية الشعبية эль-ДжумхӀури́ййа эль-Джазаири́ййа эд-Ди́мукъратӀы́ййа эш-ШаӀби́ййа, берб. ⵟⴰⴳⴷⵓⴷⴰ ⵜⴰⵎⴻⴳⴷⴰⵢⵜ ⵜⴰⵖⴻⵔⴼⴰⵏⵜ ⵜⴰⵣⵣⴰⵢⵔⵉⵜ) — ЛаьттайуккъерахӀордистан майдан малхбуза декъара Къилбаседа Африкин пачхьалкх, мехкаца уггаре йоккха Африкин пачхьалкх[4]. Майдан барам бу 2 381 740 км², иза кӀеззиг сов бу Демократин Республика Конгол (континент тӀехь майданца 2-гӀа меттиг).
Алжазаирин Халкъан Демократин Республика | |||||
---|---|---|---|---|---|
الجمهورية الجزائرية الديمقراطية الشعبية (аль-Джумхурия аль-Джазаирия ад-Димукратия аш-Шааби́я) Tagduda Tadzayrit Tamagdayt Taɣerfant (берберийн) | |||||
| |||||
Девиз: «من الشعب و للشعب (Нахера а, наханна а)» |
|||||
Алжазаирин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш | 1962 шеран 5 июль (Францех) | ||||
Официалан мотт | Ӏаьрбийн, берберийн | ||||
Коьрта гӀала | Алжазаира | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Алжазаира, Къусантина, ВахӀрана, Батна, Жалфа, СатӀиф, Биджая, Ӏаннаба | ||||
Урхаллин тайпа | президентан-парламентан республика | ||||
Президент Премьер-министр Къоман кхеташонан Къоман халкъан гуламан спикер |
Ӏабдальмаджийд Таббун ӀабдальӀазиз Джарад Салахь Къуджийл Слиман Шенин |
||||
Пачхь. дин | суннийн кхетаман ислам | ||||
АДКИ (2019) | ▲0,759[1] (лакхара; 82-гӀа меттиг) | ||||
Ахча | алжазаирин динар (DZD, код 12) | ||||
Интернет-домен | .dz | ||||
Код ISO | DZ | ||||
Код МОК | ALG | ||||
Телефонан код | +213 | ||||
Сахьтан аса | +1 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d][2] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Алжазаирин доза ду МагӀрибца малхбухехь, Мавританица а, Малица а — къилба-малхбузехь, Нигерца — къилба-малхбалехь, Ливица а, Тунисца а — малхбалехь. Мехкан доккхаха долу дакъа лаьтта Саьхьарин гӀум-арахь. Коьрта шахьар — Алжазаира гӀала.