Абу Бакр ас-Сиддикъ
Мухьаммадан накъост а, цуьнан стунда а, Нийсачу новкъахь йолчу халифатан 1-ра халиф (632—634) / From Wikipedia, the free encyclopedia
Абӯ Бакр ас-Сиддӣкъ Ӏабдулла̄хӀ ибн Абу Къухьа̄фат ат-Таймӣ аль-Къурашӣ (Ӏаьр. أَبُو بَكْرٍ الصِّدِّيقُ عَبدُ اللّٰهِ بنُ أَبي قُحَافةَ التَّيمي القُرَشيّ; гергга 573 шеран 27 октябрь[1][2][…], Макка[3][4] — 634 шеран 23 август[1][4], Мадийнат[3]) — иза Рашидунин халифатан хьалхара халиф ву 632—634 шерашкахь урхалла дина, Мухьаммад пайхамаран ﷺ накъост а, визирь а, цуьнан стунда а, цо Мадийнате хӀижрат дечу хенахь цуьнца хилла волу некъахо а ву. Йалсаманица кхаъбаьккхинчу иттаннах цхьаъ ву. Суннатхоша пайхамараш а, элчанаш а дӀабевллачул тӀаьхьа нахалахь уггар диканиг а, чӀогӀа ийман дерг а, суьпа верг а, Мухьаммад пайхамарна ﷺ Ӏаишатал тӀаьхьа уггар дукхавезарг а лоруш ву иза. Дукхахьолахь цуьнан цӀе цхьаьнатуху «ас-Сиддикъ» аьлла йахначу цӀарца, и цунна Мухьаммад пайхамаро ﷺ шех чӀогӀа тешаш хиларна тиллина харц цӀе йу.
Абу Бакр ас-Сиддикъ | |
---|---|
Ӏаьр. أبو بكر الصديق | |
Ас-Сиддикъ, аль-Ӏатикъ, ас-Сахьиб, аль-Аткъа, аль-АввахӀ, сани-ль-иснайн фи-ль-гӀар, Халифату РасулиллахӀ, Саййидуна Абу Бакр | |
Вича тиллина цӀе | ӀабдуллахӀ ибн Абу Къухьафат ат-Тайми |
Говзалла | политик, поэт, совдегар |
Вина терахь | 573({{padleft:573|4|0}}) |
Вина меттиг | Макка |
Кхелхина терахь | 634 шеран 23 август({{padleft:634|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) |
Кхелхина меттиг | Мадийнат, Хьиджаз, Рашидунин халифат |
ДӀавоьллина меттиг | Мадийнат |
Пачхьалкх | |
Къам, некъе | Ӏаьрбий, къурайш |
Да | Абу Къухьафат Ӏусман |
Нана | Сальма бинт Сахр |
Зуда | Къутайлат, Умм-Руман |
Бераш | Ӏабдуррахьман, ӀабдуллахӀ, Мухьаммад, Асмаъ, Ӏаишат, Умм-Кулсум |
Динлелор | ислам |
ТӀеман гӀуллакх | |
ТӀемаш |